Выбор Языка

ar en ru

МАРХА ДАСТАРАН ЗАКАТ (фарз-сахь)

Суббота, 15 Май 2021 06:21

МАРХА ДАСТАРАН ЗАКАТ (фарз-сахь)

photo 2021-05-15 09-19-33Саьхьаш дахар фарз хилар Бухарис а, Муслима а дийцинчу Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бакъдолчу хьадисехь билгалдина ду.

Марханаш кхаьбначунна, цо мархин баттахь аьлла хила тарлучу оьзда доцчу дешнех а, цуьнгара девллачу пайдехь мел доцчу хIуманех а цIанвалар хилийта, къен-миска нахана гIо хилийта, шарIе далийна ду сахь даккхар.

И сахь марханаш кхабарца доьзна долу дела, бусалбано кхаьбна долу марханаш стигалний, лаьттаний юкъахь кхозуш хир ду, Далла тIекхача йиш йоцуш, сахь даккхалц. ТIаккха, цо сахь дIаделча, Далла тIе дIагIур ду марханаш. Делан Iарша кIелахь (шаьш кхаьбна волу) шайн да схьаваре хьоьжуш Iийр ду.

Делан пурбанца, Къематан дийнахь, ша кхаьбначунна шафаIат деш (цунна Деле гечдар доьхуш) хир бу мархин бутт – Рамадан.

Саьхьаш доху хан

Саьхьаш Iийдан дийнахь Iуьйра ламаз диначул тIаьхьа, Iийдан ламазна нах арабовлале дIадалар сийлахь ду.

Ялта а, цуьнан барам а

Саьхьаш шен махкахь алсам дууш долчу ялтех даха деза. Вайн махкахь алсам дууш дерг кIа ду.

Дукха доккха а, я жима а доцуш гIеххьа куьг долчу стага шина куьйга схьаэцна йолу кIен йиъ кана бу цуьнан барам.

Терзанан бараме диллича, герггарчу хьесапехь 2 килий 400 граммий кIа ду иза(горгдина 3 кила дала а мегар ду). ПхьегIийн чухоам лерича кхо литр ю. ХIокху вай хьахийначу барамал кIезиг даккха мегар дац сахь, совваьллачунна мел алсам хир бу, Дала мукълахь. И Дела Ша комаьрша ву, комаьрша верг везаш ву.

Вайн (имам ШафиIин) мазхIабехь ялтица бен сахь даккха мегаш дац. Ялтица даккха аьтто боцучо имам-Абу-Хьанифатан мазхIабна тIетевжина, саьхьан мах бала мегар ду, цо ахчанца сахь даккхар магийна.

Саьхьаш даха декхарийлахь верг

Шена а, ша кхобуш болчарна а, Iийдан денна а, Iийдан буьйсанна а напха охьадиллинчул тIаьхьа, совдолуш рицкъа долчо саьхьаш даха деза, цунна тIехь фарз ду уьш дахар.

Хьанна тIера даккха деза сахь

Шена а, ша уьш напха латтош кхаба декхарийлахь волчу дений-нанний, доьзалшний, зудчунний тIера даха деза саьхьаш.

Шен рицкъа лаха ницкъ болчу, пхийттара ваьллачу доьзалхочунна тIера а, я ша кхаба декхарийлахь воцчу гергарчунна тIера а сахь даккхар важиб (декхар) дац. Царна тIера церан пурбанций, церан вакалатций (тIедилларца) доккхур ду сахь.

Iийдан буьйса (маьркIажа хан) тIекхачале кхелхинчунна тIера сахь даккхар важиб (декхар) дац, амма маьркIажа хан хилале дуьненчу даьллачу берана тIера сахь даккхар важиб ду.

Саьхьаш хьанна кхачадо

Шайна саьхьаш дала догIуш Къуръанан 9-чу суратан 60-чу аятехь Делан дашехь хьахийна йолу бархI тоба ю. Царна юкъахь а уггаре а хьалхарнаш, оцу саьхьашка хьашто йолу, уьш схьаэца резахилла Iаш болу къен-миска нах бу. Дукхахьолахь, шайна кхачам боллуш верасалла дан стаг воцу буо-бераш а, заьIапхой а, цомгашнаш а хуьлу къен-миска.

Къен-миска нахах, ша уьш кхаба декхар боцучех, шен гергарчу нахана а, лулахошна а хьалха делча мелехь ду сахь.

Сахь даккхаран нийят

«Ас нийят ди марха дастаран Iийдан фарз-сахь хIокхунна я оцунна тIера Делан дуьхьа даккха».

Везачу Дала бусалбанийн марханаш а, сахь-закат а къобал дойла!

Кунта-Хьаьжин ц1арахчу университетан проректоран г1оьнча, бусалба динан бакъонийн кафедран хьехархо Муртазаев Сайдмохьмад.



ИИО РИУ им. Кунта‑Хаджи
www.riu-grozny.ru©

Оцените материал
(1 Голосовать)

Версия для слабовидящих