Выбор Языка

ar en ru

25-г1а апрель - Нохчийн меттан де!

Понедельник, 26 Апрель 2021 07:20

25-г1а апрель - Нохчийн меттан де!

photo 2021-04-26 10-15-26Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан Денца! Тахана вайн Республикин куьйгалхочо, Россин турпалхо волчу Кадыров Рамзана вайн нохчийн мотт кхиорна боккха тидам тIебохуьйтуш хиларна, вайн йиш ю Ненан меттан сийлахь Де даздан. Шен ненан мотт безаш а, Iалашбан а, цуьнан сийдан а декхарийлахь ву хIора а стаг. Ткъа нохчийн мотт дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, шира а, хаза а мотт бу. Оцу маттахь дерриге а ду - нохчийн башхалла, цуьнан истори, культура, ламасташ йовзуьйтуш. Цо вайна ницкъ ло кхин а чIогIа Даймохк беза, цуьнан сий-ларам бан. Тахана нохчийн мотт школашкахь а, вузашкахь а дIахьоьхуш бу, оцу маттахь вайн махкахь дIахьош баккхий тайпа-тайпана чулацаме гуламаш бу. ХIокху дезчу дийнахь вай баркаллин дешнаш олу нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна а, даима и кхиош-къахьоьгуш болчу вайн меттан Iилманчашна а. Халкъана тIехь ду ненан мотт шен тIекхуьучу чкъурана марзбар, бовзийтар. Юха а декъалдо шу вайн Ненан меттан дезчу Денца. АллахI-Дала и вешан Ненан мотт Iалашбан а, кхио а ницкъ, хьунар, кхетам лойла вайна!

Ларамца, Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу РИУ-н ректор Мутушев Iабдурахьим.











ИИО РИУ им. Кунта‑Хаджи
www.riu-grozny.ru©

Оцените материал
(1 Голосовать)

Версия для слабовидящих