Рамадан беттан марханаш
Марха кхабар – иза Делан дуьхьа нийят а дина, марха дохош долчу хIуманех юхавалар ду, сатесначул тIаьхьа малх чубуззалц йолчу ханна.
Лекха волчу Дала хьалхалерчу умматашна а тIедиллина хилла марханаш кхабар (хIора беттан кхо марха а, Iашуран де а).
Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, аьлла: «ХIай, ийман диллинарш! Шуна тIедиллина марха кхабар, шул хьалха баханчарна тIедилларх терра, шу хилийтархьама (Делах) кхоьруш» (Аль-Бакъарат сурат, 183 аят).
Амма Рамадан бутт кхабар фарз деш билгалбаьккхина бац, вайн Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) умматана бен.
Иза билгалдоккху Лекхаволчун дашо: «…Шух (Рамадан) батте ваьллачо иза кхобийла» (Аль-Бакъарат сурат, 185 аятан чаккхе).
Бухарис а, Муслима а (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцинчу хьадисо схьагойту, Рамадан бутт кхабар Ислам-динан баххех цхьаъ хилар:
«Ислам – ахь тоьшалла дар ду, АллахI воцург кхин Дела цахиларх а, Мухьаммад АллахIан Элча хиларх а, ахь ламаз дар а ду, ахь закат далар а ду, ахь Рамадан баттахь марханаш кхабар а ду, хьо ХьаьжцIа вахар а ду, некъана хьайн ницкъ кхачахь».
ХIокху аяташкара а, хьадисашкара а, хIорш доцучех кхечарах а вайна хаьа Рамадан беттан марханаш кхабар хIора бусалбанна тIехь фарз-Iибадат дуйла. Иза иштта дац бохуш верг керстаналла деш ву, Дала вай лардойла цуьнан декъахилар.
Кунта-Хьаьжин ц1арахчу университетан проректоран г1оьнча, бусалба динан бакъонийн кафедран хьехархо Муртазаев Сайдмохьмад.
ИИО РИУ им. Кунта‑Хаджи
www.riu-grozny.ru©